Chechen Goodreaders discussion

38 views
Вайн нахана ешар марздархьама хIун далур дара вайга?

Comments Showing 1-38 of 38 (38 new)    post a comment »
dateUp arrow    newest »

message 1: by Alkhaz (new)

Alkhaz | 20 comments Mod
Вайн нахана ешар марздархьама хIун далур дара вайга?


message 2: by Aslan (new)

Aslan  Nohchi (AslanNohchi) | 11 comments ассаламу 1алайкум ва рохьматуллах1

цхьа шеко йоцуш дика а оьшуш а хаттар ду ахь юкъа диллинарг, амма х1окху сохьтехь цунна дала жоп дац сан цхаъ доцуриг, иза - вайха х1орамма шен "гонна" марздан хьажа веза ешар, иза оьшуш хилар т1еач1аг1деш. масала - тахана вай цхьана вешийца шина сохьтехь сов 1ина со цуьнга иза дуьйцуш, т1еххьара 25 жайна деша шена "шаран план" х1оттор ю ша аьлла д1авахан сан иза, ишта Дала мукълахь кхиа цхьана вешийга ган массаза го иза дуьйцуш ву со цуьнга. ишта вай гонна т1ера д1адуйла дала дезий-те вай?!

Дала мукъ лахь кхид1а а мелла дийцаре дийра ду вай х1ара хаттар!


message 3: by Alkhaz (new)

Alkhaz | 20 comments Mod
Ва Iалайкум ассала ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

МашааллахI, цхьаъ ваьлла хIокху новкъа валар дика хIума ду.

И чIогIа дика боху ахь, Асланбек. И некъ вуно дукха дика некъ дуккха хIуманна. Мохьмадаца оха цхьацца кхечу хIуманна бийцина и некъ, цо дийца мега хьуна ахь иза дагаваккхахь.

Кхин хIумма олий кхечара? ХIун "идея" йогIу шун кортошка?


message 4: by Aslan (new)

Aslan  Nohchi (AslanNohchi) | 11 comments кхечара х1у олу аьлча - корта лестош хьоьца реза хуьлу, амма цу т1ехь болх ца бо......муьлхачунна а еша езаш хилар а, иза дика хилар а ша къегина малх санна билгала ду аьлла хета суна,амма дукхох болчу нехан ур-аттала мута1еламашан а ешарна цхьа а "стимул" а, "цель" ца хуьлу, иза ду цаешаран коьрта бахьна, шен жайни чохь шейх 1абдул Баккара а билгала до иза коьртачарех бахьан ду олий, иза ишта дуйла билгала долу уггар хьалха хьайга а т1аккха кхечаьрга а хьо ладог1а волавелча. цундела уггар хьалха мута1еламашна юккъехь яржо еза аьлла хета суна "культура чтения" бохург. ткъа дукхох болчу мута1еламша ахьа шен хуарг а къеззиг дуйла а, денна дицлуш дуйла а кеста-кеста дага доуйтуш хилча, мелла а ешарна само еш хуьлу.


message 5: by Aslan (new)

Aslan  Nohchi (AslanNohchi) | 11 comments дика хира дара тахана вай тайп-тайпана семинараш а лекцийш а ян аьтто бала хара, йа иза говза йалун ерг хилла а. юха а вай хьалха хьаха мадарра и лекцийш а семинараш а динан хьужаршкара д1а а йолош, ишколаш т1екхаччалца ян мега дара. ткъа лаккхарчу т1ег1анган т1ехь семинар а кхиерг д1аяхьа 1емар дара цхьана кегирхойн тоба вовшех а кхетта шейна юккъехь х1ума дийцаре а деш болх беш хилча. валла кхечу къаьмнаша цу хьокъехь беш болу болх гича - ванах ва, вай махкахь хир а дуй-те х1ара олий хета, и ойла кхиа ч1аг1ло хьо нахана юкъа ваьлча, шаверг аьлча санна йа ахча доккхуш, йа иза духкуш ву, кхечу х1уманна бала а боцуш. делахь а иза цхьана аг1ор бехк а ца хета суна, х1унда аьлча цхьамма ма аллара "шена таханенна бебиг-кусок яккха г1ерташ волчунга, лаккхарчу баккхийчу белхаш т1ехь ойла ялур яц, г1ора хира дац-кх"...

делахь а, малхан з1енарш марханашна юккъехула гучайовлуш ю, Дала мукъ лахь и малх цкъа къеггина гучу бера бу, динна мохк а бох беш!!!


message 6: by Aslan (new)

Aslan  Nohchi (AslanNohchi) | 11 comments ткъа вай т1аьххьара хьхийнар, цул хьалхарчунна к1ела доьдуш ду, доцца аьлча "цель" ца хилар ду, цул т1ехьа "целеустремленность" ца хилар ду, и д1. кх.....

ткъа хаттар "х1у далур дара" аьлла дара "ца ешаран х1у бахьана ду" аьлла дацар аша алахь!.... цаешаран бахьанаш а цу проблемийн бух а вайна билгала баьлча, вайна атта хира ду "х1у далур дар" бохучу хаттарна жоп лаха....

ткъа дика хууш верг Аллах1 ву.


message 7: by Maga (new)

Maga Zandaqo (zandaqo) Ассаламу Iалайкум.
>Вайн нахана ешар марздархьама хIун далур дара вайга?
1. Уггаре хьалха вай-ваьшша масал хилар.
Наха йоьший хаийтар, и ешар кхин хала хIума йа доккха хIума доций хаитар. Цунах цецвийла, йа къехка ца оьший хаийтар. Ойла йича, ешар Iилма схьаэцарна а, цунах пайда эцарна некъахь уггаре кIезигнарг ду, дешнарг кхочуш Iамор цулла хало ду, и Iамийнарг дахаре даьккхина лелор, цунах пайда эцар, я шие говзалла сов яккхар кхин хала ду.
Цу тIехь хIара сайт, хIара саннарш, гIоьнчаш ю, наха а доьшуш/дешна долу жайнеш гойтуш, царах йолу ойла хоитуш сихха уьш карадойтуш.

2. Кхечарна хIун еша еза гайтар. Вайна хуург, вай болх беш йолу, йа Iамош йолу агIора долчунна тIехькхиа гIерташ болчарна некъ гайтар.
Хьалха Iилма схьаэцарца йолу хало и ша Iилма кIезга даьржина хилар, кIезга жайнеш а, хууш болу нах а хилар, схьаоьца некъаш кIезга хилар дара. ХIинца хьал нисса бIостанехьа ду, жайнеш шорта ду, схьакхийдо некъаш шорта ду, цундела царна юкъахь нийса шена оьшург харжа, гал ца вала хала ду. Цхьаъ цхьа некъ схьалаьцна деша/Iамо валлахь цунна программ еза, хIаьлха хIун Iамо деза, тIехьа хIун Iамо деза, муха Iамо деза гойтуш. Амма дIаволалучунна и программаш юйла ца хаа, йа мичахь карор ца хаа, цундела хуучо уьш цунна гайта еза.
Йа кхин хьоле хьожур вай (кхин ситуаци). Масала суна машен лело Iама лаахь суна цуьнан эксплуатицин инструкции тоьур ю, цуьнан чертежеш ца оьшу суна, лаккхара механика Iамо ца оьшу. Иштта дине даьккхича, Iелам стаг хила ца луучунна, амма шена хIора денахь лело тоъъала хIума хаа луучунна ше жайнеш оьшу, уггаре хьалха ца баххаш Iамош, атта даззийна жайнеш оьшу цунна. Берашан шай жайнеш оьшу.
ТIаккха и муха дича баахь хир ду аьлча, вовзучунна вай тет-а-тет къамел дина кхето аьтто бу. Я хаьттанчуьнга жоп дала аьтто бу. Амма вай даржор дицахь, вай ваьшшанга ца хоьттучаьрга и муха хоитур ду бохург ду. Цу тIехь жайнийна спискаш а, а программаш а гIо дийра дар. ХIокху сайт тIийра спискаш (lists) (масала Best Business Books бохурш) Iуьнал да (модерировать) йиш йолуш яц, ахь айхь йина хилча а, цундела уьш кхечанхьа йича баахь ду.

3. Вай, нийса аьлча - аш, Олхазар, даздеш долу, гочдеш долу жайнеш даржор, уьш дуй хаитар.
И рекламийца долу хIума ледар ду вай. Кара догIу вай жайнеш вай Жайний (zhaina.com) тIе доху, духкуш, я электронни доцуш жайнеш далахь царна вай реклама йийр ю цигахь. Деккъа и жайнеш дуй хаийтича, мелла уьш электронни дацахь, йа интернетчухула духкуш дацахь, уьш цхьанхьа дуй хиъча наха лохур дар уьш (оьшуш хилча).
Жайний тIехь "доцу жайнеш" "описывать" дар цкъачунна Iедалехь дац, каталоган функционал ледар ю, амма кхузахь Goodreads тIехь иза да аьтто бу. Муххале гочдина жайнеш хилча кхузахь долу жайнешан editions аьлла тIетоха мегар дар. Массо нохчи жайнеш кхузе тIе дахаран, муххале хIинцца "сразу" эр вай, суна маьIан ца го, амма и гочдинарш тIе даьхча баахь хир дар аьлла хета суна.

Иштта ойланаш ю цкъачунна. ХIара дахдарн бехк ма билла, сай дагахь цхьа доцца, "практични", "вайга далург" аьлла жоп дала хьаьжжера со.


message 8: by Alkhaz (last edited May 26, 2011 11:28PM) (new)

Alkhaz | 20 comments Mod
Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахI!

ЧIогIа дика эли ашшимма, Асланбек, Мохьмад! Баркалла шуьшинна.

Мохьмад, и ахь реклама боху хIума хьахийча карладели суна цхьа хIума. И реклама еш, масала, вай и ешар даржор (Асланбека ма-аллара "культура чтения") бохучу гIулкхехь лелош йолчу сайтийн реклама еш цхьа наклейкаш-тайпа хIума йайта мегар дара, масала тIехь говза яздина иштта йозанаш долуш " Жайна zhaina.com Еша лаьий хьуна? :) "

ХIинца ашшимма хьехийнарг доцург, масала цхьа цхьанабеттан хIун кампани йалур йара вайга (кхаанга - иттанга) вайн махкахь а, дехьа-сехьа вайнах болчахь а, и "культура чтения" бохуш долчу хIуманна гIонна, йа иза даржош ?

ХIара дийцар долочу хенахь, хIинца ашшимма санна, иштта и "идеяш" йийцар-хьехор йара коьрта Iалашо. Цундела, цхьа "генератор идей" йан гIерта вай кхунах.

Цул совнаха, Мохьмада аьллачунна тIехь доьххьара ког боккхуш, вайх хIораммо а и список хIоттийча муха хир дара, масала муьлхха а адамо дешча пайденна хир дара аьлла хеташ долчу жайнийн, хуьлийла иза вайн маттахь, йа кхидолчу маттахь ? Масала, историх лаьцна, динах лаьцна, политиках лаьцна, тахана дуьнена тIехь лаьтташ долчу хьолах лаьцна, жайна нийса муха деша деза дезарх лаьцна, и.кх.дI.


message 9: by Israfil (new)

Israfil | 2 comments Ассаламу 1алейкум! "Вайн нахана ешар марздархьама хIун далур дара вайга?" аьл долу х1ар хаттар гич самукъ дели сан ч1ог1а! Аллах1 рез хийл х1ар г1улкх дийцаре диллинчунна а окх г1уллакхан корт мел лезашчунна а!
Жайнеш дешар марз деш, йа г1илакх лар деш, йа и керл докхш, йа суннат дарждеш, йа миллох долу кхидол пайдехь долу х1уман т1ехь кхиамаш хилийта вай да дезаш долу коьрт х1ума, сон хетарехь, вайна гонахьара нахана т1ера д1а дуйладалар ду. Цу т1ер д1а дуьйла делчи кхийолу "конкретни" программаш а пайдехь хила таралора.

Оьрси маттахь аьлч "пользуясь случаем"-кестолг1 1илм 1ам да буьйлабелла болу мут1аламашан ц1арах: милох жайн хьалхох дешч бакъахь ду, мух дешч бакъахь ду билгал докхуш цхьа низам, аш, баккхийчара схьакховдийча ч1ог1а тхун пайдехь хир дара и. Ларамца.


message 10: by Aslan (new)

Aslan  Nohchi (AslanNohchi) | 11 comments ва1алайкум ассалам ва рохьматуллох1

Аллах1 реза хуьлда Шуна массаьрна!

х1ара санна долу х1ума дийцаре дарх кхечаьрна цахилахь а, вайна(декъашхойн) хилла а пайде хир ду аьлла дог тешна ву со Дала мукъ лахь.
цулт1ехьа, Мохьмада хьахийна долу "жайнийн спишкаш" бохург ч1ог1а дика х1ума ду, цу т1ехь а болх бича дика хира дара. т1аккха, Олхазара аьлларг "цхьанабеттан компани" иза х1ара некъ дика "д1аболор" хила тарлора...Дала мукъ лахь цу т1ехь ойла ян хьовсур ду вай..
кхиа, доккха х1ума дацахь а цхьа видеоролик ян мегар дара аьлла хета суна, цхьана 10 минотехь йолу, ешарха лаьцна ( ламаз маьждигехь дарха лаьцна дуьйцуш ерг санна, исламансерло сайта т1ехь), иза интернет чухула яржо мегар дара, цулт1ехьа телефонан блютуз чухула яржо а мегар дара, масала аса сайна боьвзучарга, цара шейна боьвзучарга, и.д1.кх....(и болх бан говзалла соьгахь яцахь)
ишта, юха-т1аккха хьовзина хьан "коча" дог1у тхо Олхазар (Дала хьуна диканца бекхам бойла),ахьа эйхьа йа кхечо, аудиолекцийн серии язйан мегар дара. иза вай ц1ахь (нискъа макхоччу)яржор аса сайна т1елоцур дара...

Делан пурбанца ишта кхид1а а ойла еркх вай!!!


message 11: by Aslan (new)

Aslan  Nohchi (AslanNohchi) | 11 comments ишта Мохьмада ма-аллара "практически" дерг лаха а,билгала дан а атта хира дара вайха х1орамма шена дахуург а дийцича, иза маца оьшу аьлча масала цхьа (ролик)ян вай барт хиллехь х1орамма шега х1у далур дара дуьйцу, йа цхьа (рекламный наклейкаш) т1ехь вай барт хиллехь, цигахь х1у далур дара дуьйцу, имейл т1е кехат даийтина, йа кхузахь а хьахийна а..
бакъ ду со цхьа жиммал хьалха г1ерта моьттсуна, амма дага деанчура яздан лиънера суна))


message 12: by Alkhaz (new)

Alkhaz | 20 comments Mod
Исрафил, ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахI! Марша а вогIийла хьо! Хьайна хетарг яздарна а, дакъа лацарна а баркалла хуьлда хьуна!

Асланбек, хьалха гIертар дац иза, мелхо а хьайна хетарг а, дагадеанарг а ахь а, кхечара а аьлча дика хир ду, Дала мукъа лахь. Жим-жима цхьацца хIума гуллур ду вайн, тIаккха цунах вайга далуш дерриг дан хьовсур ду вай, Дала мукъа лахь. Ца далург тIаьхьлонна дIадуьллур ду вай.

Исрафил, Асланбек - ашшимма аьллачунна тIехь ойла йан а, сайга далург дан а хьожур ву со, Дала мукъа лахь. Ма-дарра дерг аьлча-м, и дан деза аьлла дагахь долу дикка хан йара, мало хьалхаяларна ца деш диссина хила мега иза.


message 13: by Maga (new)

Maga Zandaqo (zandaqo)
Мохьмад, и ахь реклама боху хIума хьахийча карладели суна цхьа хIума. И реклама еш, масала, вай и ешар даржор (Асланбека ма-аллара "культура чтения") бохучу гIулкхехь лелош йолчу сайтийн реклама еш цхьа наклейкаш-тайпа хIума йайта мегар дара, масала тIехь говза яздина иштта йозанаш долуш " Жайна zhaina.com Еша лаьий хьуна? :) "

Иштта деш хилча, zhaina меттана dinulislam, islamanserlo уьш санна "тематически" сайташан яр гIолехь хета суна, хIунда аьлча Жайна цкъачунна "архив" бен яц, цигахь деша оьшург а ца оьшург а хила мега.

вайх хIораммо а и список хIоттийча муха хир дара, масала муьлхха а адамо дешча пайденна хир дара аьлла хеташ долчу жайнийн, хуьлийла иза вайн маттахь, йа кхидолчу маттахь ?

Дик хир дар. Ала дашна, муьлхха а адамо дешча пайденна хир долу жайнеш ду динах лаьцна дерш, цундела цу тIийра шу дIадуьйладелча баахь хир дар. Сайх лаьцна аьлча, иштта хьаммо дешча баахь хир долу жайнеш ас кхи дукха ца дешна, сай техникан, белхан жайнеш цу юкъа догIу аьлла ца хета суна. Доцца аьлча:
...юха-тIаккха хьовзина хьан "коча" догIу тхо Олхазар...



message 14: by Alkhaz (new)

Alkhaz | 20 comments Mod
"Устрада-гIалара ешархойн клуб" (клуб меттана хIун эра дара? гулам?)


message 15: by Maga (new)

Maga Zandaqo (zandaqo) Olkhazar wrote: ""Устрада-гIалара ешархойн клуб" (клуб меттана хIун эра дара? гулам?)"
йа тоба


message 16: by Aslan (new)

Aslan  Nohchi (AslanNohchi) | 11 comments Olkhazar wrote: ""Устрада-гIалара ешархойн клуб" (клуб меттана хIун эра дара? гулам?)"

йа гулам-тоба :))


message 17: by Alkhaz (new)

Alkhaz | 20 comments Mod
иштта аьлла а, вуьшта аьлла а, шира-керла идея ю иза а.


message 18: by Israfil (new)

Israfil | 2 comments йа йешархойн тобанийн гулам).


message 19: by Musa (last edited Jun 02, 2011 12:35AM) (new)

Musa (musanuruddin) | 6 comments Ассаламу 1алайкум ва рохьматуллах1и ва баракатух1у.
Дуьххьара, баркалла ала луар дара суна х1ара хаттар йукъадилларна а, иза дийцаре даккхарна а, массо дакъалоцучарна. Коьртачарех долу хаттар х1ара долу дера. Цхьаммо ма-аллар- "Ешар боху хаттар- иза "валар" я "вахар" боху хаттар ду".

Цул т1ехьа- со дин довза а, 1илма 1амо а волавала, цу новкъа вала г1ерташ а бен вац, цундела "хун далур дара" бохучу хаттарна жоьпах хума ала г1ертар вац со. Делахь а, ешарна т1ера стенна дац вай, йоьшуш самукъа стенна цадолу вай, вуьшта аьлча «корень проблемы», бохучух цхьадолу сайна хааделларг (уггаре хьалха сайна т1ехь) ала луур дара суна.
- Уггаре хьалха кегийчарна дас-нанас, чуьра кхиболу баккхийчара ешар марз цадар ду, уггаре хьалха шеш масалла гайтарца. Кегийрахой кхуьуш дуьйна я «уркалла» лело 1ема, я компьютер, интернет, чат, видеоиграшка доьрзу.
- Еша марзвелларг бусулба дине верзар бахьанехь к1езиг еша волалу- бусулба динах лаьцни бен хума еша мегар дац моьттуш, ткъа оцу темехь гочдина еша хума дукха йац, иштта волалуш волу мута1елам а, 1арбий маттахь еша цало, кхечу маттахь ерг ешар, эрна хан йайъар хета.

Иштта кхи а цхьацца зедаларца билгалдаьларш ду, делахь а, дукха вах ца валархьамма, язйинчуьнца кхачо йира йу ас.


message 20: by Alkhaz (new)

Alkhaz | 20 comments Mod
ва 1алайкум ассалам ва рохьматуллах1и ва баракатух1! Баркалла Муса хьуна а, дакъа лацарна. Ахь яздина ши х1ума мехала ду аьлла хета суна.

Вай кхузахь х1ара г1уллакх дийцаре даран некъ х1окхунах тера хета суна:

http://ru.wikipedia.org/wiki/%D0%9C%D...

Вай цкъачунна шолг1а этапехь ду, цундела, х1ара тема йиллина юьтур ю вай мелла а.

Шайна дагадеанарг, ала лиънарг, муьлхха х1ума яздан мегар ду шуна.Жам1аш т1аьхьо дийр ду вай, Делан пурбанца.

Х1окху балхаца бала кхочур берш кхуза юкъаозо мегар ду, масийтта дикачу х1уманна ниййат а дина.


message 21: by Aslan (new)

Aslan  Nohchi (AslanNohchi) | 11 comments ассаламу 1алайкум ва рохьматуллох1

кхузар вайна х1у схьаэцалур дар-те?! http://www.rusreadorg.ru/issues/hl/hl...


message 22: by Aslan (last edited Jun 03, 2011 10:40PM) (new)

Aslan  Nohchi (AslanNohchi) | 11 comments ......"В Турции интерес к чтению решили поднять необычным способом. По всему Стамбулу были расставлены «книжные скамейки». Они представляют собой раскрытую книгу.

На каждой скамейке записаны стихи 18 известных турецких поэтов.".....


message 23: by Musa (new)

Musa (musanuruddin) | 6 comments Ас лакхахь яздинчу к1езиг ешарна бахьанех кхи цхьа бахьана а т1етухара дара ас, иза:
- Цхьаверг алсам интернет чохь йоьшуш хуьлу, цунах 1ехалой, жайна дешар к1езиг хуьлу цуьнан. Интернет чохь ешар, шеко йоцуш, дика а, пайде а хума ду, делахь а "жайна дешар" метта "жайна дешар" бен хера дац.


message 24: by Anzor (new)

Anzor | 1 comments Ассалам алейкум!

Вайнахана-м хаац суна, кху сохьта кху чохь йеша муха лура йара дицийша суна. Цхьа жимма хьалха хала дела баленца цхьа жайна хьадел делар соьга, ткьа тахан Абдул-Карим Баккар жайнеш деша луш дац-кх соьга мел г1ертарх. Х1у бахьан хила тарло теша? Суна х1ар машан-аг1о лело цахаар ду теша иза? Амма уьш кху аг1он т1аьхь данне а деша луш дац?


message 25: by Maga (new)

Maga Zandaqo (zandaqo) Anzor wrote: "Ассалам алейкум!

Вайнахана-м хаац суна, кху сохьта кху чохь йеша муха лура йара дицийша суна. Цхьа жимма хьалха хала дела баленца цхьа жайна хьадел делар соьга, ткьа тахан Абдул-Карим Баккар жайне..."

Ва Iалайкум ассалам ва рахьматулЛахI!
Ахь хIокху сайт тIехь жанеш дешарх лаьцна дийцахь уьш кху тIехь дешало моьттуш вац хьуна со (хIинццалца-м ца гина суна), шаьш жайнеш дац кхузахь цкъачунна.


message 26: by Alkhaz (new)

Alkhaz | 20 comments Mod
ва 1алайкум ассалам ва рохьматуллах1и ва баракатух1!

Анзор, Мохьмада ма-аллара, хIокху сайта тIехь дукхах долу жайнаш дешалуш дац, хIунда аьлча яздархойн бакъонаш ю кхузахь ларйеш. Бакъду, яздархоша шаьш хIокху интернет чохь ишттанехьа юкъадехкина долу жайнаш хуьлу наггахь хIокху чохь, ас айса даьккхина иштта цхьа ши-кхо жайна хIокху чу. Иштта дешалуш долчу жайнин бухахь яздой "download ebook" хуьлу, Get a copy долчу доьххьала. Масала, хIара жайна хIокху сайта тIе ас даьккхина ду, Шейх Iабдурразакъан сайта тIера схьа а эцна:
http://www.goodreads.com/book/show/11...


message 27: by Alkhaz (new)

Alkhaz | 20 comments Mod
ХIокху балхах пайда а оьцуш, цхьаъа хIума далур дуй-те вайга?

http://www.read2060.com/


message 28: by Musa (new)

Musa (musanuruddin) | 6 comments Цара болх муха бо а хьаьжна (веш дакъа а лоцуш цигахь) ишттаниг вайматтахь а йича ху дара техьа?


message 29: by Alkhaz (new)

Alkhaz | 20 comments Mod
Жим-жима бийр бу шаьш болх боху цара, цундела вайна хала хила декхар дац иза. Хьовса деза вай, массо цхьаьне.


message 30: by Aslan (new)

Aslan  Nohchi (AslanNohchi) | 11 comments дика дага деана х1ума ду иза!


message 33: by Alkhaz (new)

Alkhaz | 20 comments Mod
Ешар даржорах лаьцна ойланаш:

хIинцца ютюб тIехь хьоьжуш вара со, Украинера ишколан дешархоша ешарх лаьцна йина йолчу флешмобе.

Нохчийчохь болчара и ойла кегийчарна юкъахь яржо мегар дара, интернет чухула яржо мегар дара.


message 35: by Musa (new)

Musa (musanuruddin) | 6 comments Olkhazar wrote: "Ешар даржорах лаьцна ойланаш:

хIинцца ютюб тIехь хьоьжуш вара со, Украинера ишколан дешархоша ешарх лаьцна йина йолчу флешмобе.
"

Ссылка юй?


message 36: by Alkhaz (new)

Alkhaz | 20 comments Mod
флешмоб йина хилла хьалха:

http://vchechne.com/forum.php?mod=vie...


message 37: by Musa (new)

Musa (musanuruddin) | 6 comments http://www.read2060.com/
Болх бан буьлабелла уьш.
Дакъалоци вай? Цара санна оьрси маттахь цалура йари техьа вайга?!


message 38: by Alkhaz (new)

Alkhaz | 20 comments Mod
"И вот еще что придумали в Европе — каждому школьнику выдается сертификат на €10, чтобы он купил книгу. И вот дети как раз очень серьезно подходят к выбору книг, они же не хотят выбросить свои деньги на ветер".


back to top